Текст песни:
I. 1ай 1уьйре хаза хуьлуш хилла хьан
1ай суьйре хаза хуьлуш хилла хьан
Хьай там ма хуьлу йог1у яйча хьо
Хьосту дог, хьосту дог, хьосту дог безамо
II. Х1о сайн юьртахь ас хьо хаьржина
Дагар дуьйцуш соьца лаьттина
Ела къежаш, б1аьргаш къежош схьа
Сан дог эцна соьца лаьтта хьо ( 2 раза )
Ас сайн безам хьоьга кховдина
Йиш яц со д1ататта, езнарг ,хьан
Даим ойла хьоьца лаьттина
Деги безам, хьоме Лаура
III. Сих ма лолахь доцург кхолла хьо
Кхоьру тахна хада ирсан т1ай
Вовше дезаш, вовше ларам беш
Хила деза маьрза ирсан т1ай ( 2 раза )
IV. Хьо езарна синтем байна
Сирла б1аьрса г1ел ма делла
Даго седа санна йийхира хьо
Ян йиш йоцу дагна езнарг
Стенга яхна яйна - те хьо
Даго даим лоьхуш ю хьо ( 2 раза )
V. Малхо лаьттахь яц ма боху
Батто стиглахь яц ма боху
Ас кхиг мичахьа лаха те хьо
Суна мичахь карор те хьо
Ян йиш йоцу дагна езнарг
Стенга яхна лела те хьо
Даго даим лоьхуш ю хьо.
VI. Суна карий йо1, ирсе хета со
Ишта хаза йо1, лоьхуш лаьллер со
Меьхкаршна юкъехь хаза хета хьо
Царна юккъехь сан б1аьрг ма буьзна хьоьхь
Х1ей, хаза йо1, езаелла хьо
Йолахь соьга декъал хир ю хьо ( 2 раза )
Слова песни прочитаны: 1825
Комментарии (0)